© Хьусайн Шовхалов, 2020
ISBN 978-5-0051-8566-2
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
Бисмиллах1иррохьмарниррохьийм
Хастам бу Аллах1ана 1аламаш кхиош кхобуш волучу, Делера салават а, маршалла а хуьлда Цуьнан пайхамарин Мухьаммадан а, цуьнан ох1лана а, асхьабашна а, цара лелийнарг леладеш церан некъа т1ехь мел волучу бусулбачу стагна а.
Боккъалаъ, уггаре бакъ долу къамел Сийлахь-Везачу Аллах1ан жайна (къуръан) ду, уггаре дика нийсо Мухьаммадан нийсо ю, уггаре вуо белхаш динехь юкъ дехнарш ду, динехь юкъ мел деккхина х1ума бид1ат ду, т1къа массо бид1ат тиллам бу, т1къа массо тиллам жоьжахат чохь хира болуш бу.
Лараме бусулба йиша!
Х1ара жайна хьуна яздеш ду ас, Дала хьуна т1едиллина долу хижабах нийса кхетам хьуна бовзийтархьам. Тахана дуккху бусалба йижаршна хьижаб цхьан баланах тера хета, Дала цхьа хал дина т1едиллина х1ума санна. Цундела, бусулба зудчо иза ца леладарн бахьана ду, шена цунаха цхьа гатто хуьллу моттар, «ша цхьан халачу х1уманна къел тоьтту моттар, ша дуьненах къайла йоккху моттар, ша „мо́дах“ юкъах йоккха моттар, ша „къан беллачу зударех“ д1атарош ю моттар, ша шена атта долучу кепара лела ца юьту моттар», иштта кхидолучу а бахьанашна вайна хозийтучу т1е ца духу цо иза.
Тахан ламаз ца дечу зудчуьнга ламаз де аьлча, цхьана зудчуьн иза харца хетар дуй? Тахан марха ца кхобучу йо1е марха кхаба аьлча, иза цхьана йо1ан харц хетар дуй? Я кхидолу бусулба динехь дойзуш долу х1ума де аьлча, цхьана йо1ас бехк буьллура буй иза де бохучунна?
Цу хаттарийн жоп: Цунна цхьана а йо1ас бехк буьллура бац, я ламаз де аьлча а, я марх кхаб аьлча а, я кхидолу вайна дойзуш долу бусулба динера х1ума шега де аьлча а.
Х1унда ца буьллу цара цунна бехк? Дера ца буьллу цо де бохург бусулба динера х1ума долун дера, цо де бохург Дала бохург долун дера, цо де бохург Далла 1ибадат де бохург долун дера!!